ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемаш бу дIабоьлхуш Донецкерчу аэропортехь


Украинин эскарша кхин а цхьа терминал шайн караэцна Донецкерчу аэропортехь. Цунна тIехула дIатоьхна Украинин байракх. И хаам тIечIагIбина Украинин малхбалехь террорана дуьхьал операци дIахьочу штабан векло Селезнев Владислава. Дараш хиларх лаьцна бина хаам бац. КIирандийнахь зорбанан гIирсаша хаам бира, Донецкан аэропортана уллехь тIемаш боьлхуш бу аьлла. Цу хаамашца а догIуш, сепаратисташа минанаш йиттина Украинин эскархойн позицешна.

Официалан кепара бина барт белахь а, Донецкан аэропортана гонаха тIемаш бу дIабоьлхуш Гезгмашин-баттахь дуьйна. Сепаратисташ масийттоза гIоьртина Украинин эскархоша Iуналла дечу аэропортана тIелатар дан. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино далочу терахьашца, 4 эзар сов стаг вийна Украинехь конфликт йолаеллачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG