ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сепаратистийн "харжамаш" харц лору Киево


Кху беттан 2-чу дийнахь Донецкан а, Луганскан а халкъан республика олучу тобанаша дIабаьхьна «харжамаш» бакъонца бац аьлла дIахьедар дина Украинин Iедалша. Цара кхерам тосу Украинин малхбалера хьал дIадерзорна аьлла хета Киевна. Цигахь хилларг тIе хьажийна герзаш а долу дIаяьхьна фарс ю, иза кхаж тасарца цхьа а юкъаметтиг йолуш дац аьлла Украинин президенто Порошенко Петрос. Украинин Лаккхарчу Радано хьалхо меттигерчу органашка харжамаш кхайкхийнера Донбассерчу цхьамогIа кIоштахь. Уьш хила безаш бу тIебогIучу ГIура-беттан 7-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG