ТIекхочийла долу линкаш

Кремл а, национализм а


Оьрсийчоь --Оьрсийн националистийн "Оьрсийн Маршехь", Москох, 4Лах2014

Оьрсийчоь --Оьрсийн националистийн "Оьрсийн Маршехь", Москох, 4Лах2014

Оршот шина даздарийн де дара Оьрсийчохь. Iедало билгалдаьккхира «Халкъан Цхьааллин Де». Шайн хIора шарахь цу дийнахь хуьлу «Оьрсийн Марш» хIоттийра националисташа а. Оцу шина бараман юкъарчу а, башхаллечу а битамех лаьцна материал кечйина Маршо Радион корреспондента Колсон Роберта.

Лахьан-беттан 4-гIа де 2005-чу шарахь дуьйна ду «Оьрсийн Марш» хуьлу де. Пачхьалкхехь дуккха а йолу сталинистийн, фашистийн, националистийн юкъараллаш арайовлу оьрсийн къоман приоритеташ кхайкхо а, мохь тоьхнна, шогга протесташ дIахазо а.

Президента Путин Владимира «Халкъан Цхьааллин Де» аьлла, цул а шо хьалха къастийначу даздарца буьйзира «оьрсийн патриоташ» шаьш-шайх олучу гонаша и болам. Амма воккхавеш а вац Путин «шен» дийнахь ша хестош янне а йоцу и «Оьрсийн Марш» хIоттарца.

Делахь а, националистийн боламна новкъарло а ца йо Iедало. ХIинца Марш хIотточийн могIа буьзина Украинера Оьрсийчоьно дIаяьккхинчу ГIирмерчу юкъархоша а.

Нацизм а, ксенофоби а официалехь юкъ-кара емал еш хилахь а, цициго дахк санна, Кремло ловзочех бу оьрсийн националисташ. Цундела кхин националисташна полицино зен дан гуш бахьанаш дацахь а, нах Марше кхайкхинчу Евразин Кегийрхойн Юкъаралло а, Нелегалан иммиграцина дуьхьалояран боламо а, Оьрсийчоьнан национал-патриоташа а, «Оьрсийн низам» боламо а кхойкху Маршан декъашхой Iедалан ницкъех ларлуш хиларе а, нагахь санна цара стаг лаьцна меттиг ягIахь а аьлла, шаьш йовзийтинчу телефонашкахула хаамаш баре а.

Ткъа дуккха а боламаш вовшах а кхетта, «Оьрсий» шех аьллачу юкъараллан лидера националиста Демушкин Дмитрийс оршотдийнахь, Марш йолаяла миноташ юьсуш, хаам бира прессехь, Iедало дукхазза а дехна шега акци дIа ца яхьар, аьлла. Цо бахарехь, цуьнан боламера цхьа журналист-редактор а лаьцна вигира оршоьтан Iуьйрана Москох Марьино полицин декъе.

Оьрсийн Марш а, шен «Халкъан Цхьааллин Де» а тIекхача кIира дуьсуш, Сочехь «Валдайн клубехь» Путин Владимира хьахийра националисташ.

Путин: «Со массарел воккха националист ву Оьрсийчохь. Амма ву пайде йолчу национализман декъашхо, цо бохьучу пайдан охIла. Бакъду, национализм – иза кхин нах цабезар бохург делахь, шовинизм елахь-м хаац... Цо юхьанца дуьйна а дуккха а халкъех, маситта динан нахах хIоттаелла йолу хIара пачхьалкх йохор ю. Цо берда йисте дуьгу вай, хIаллакъхуьлуче. Оьрсийчоьно дерриг а дийр ду иза ца хилийта».

Шен къамелехь Путин къастамбан гIерта национализман пачхьалкхана мега амал билгалйоккхуш, аьлла хета Нью-Йоркерчу университетан профессорна, «Москохан IиндагIехь» цIе йолу интернет-блог лелочу Галеотти Маркна.

Галеотти: «Иза национализман пайдечу агIонех дериг даккха гIерта, расизмаца, халкъан дакъош дуьхь-дуьхьал хIиттош йоцчу агIонех. Иза коьрта ду цунна, ас кхеторехь. Я кхечу кепехь аьлча, патриотизм ю цунна мехаланиг».

Кремлехь шалхаболу националистийн гонашка, юкъараллашка болу хьажам. Цхьана агIор, и ницкъаш оьрсийн пачхьалкхалла чIагIъярехьа хиларна оьшу Кремлна. Цара, масала, дика тIекарло йина Украинерчу оьрсийн сепаратисташна а, цига шаьш дIаэхарал совнаха, гIо а кхоьхьуьйтуш. Оцу агIор хьаьжча, националисташ оьшу Кремлна.

Амма вукху агIор, церан шатайпа, ксенофобех, расизмах яьккхина еха национализм ца йогIу Путин Владимира кхеточу ниIматца - Кремлна оьшург ду, хьеннан а гIоьнца чIагIдина а, ша пачхьалкхана тIехь ден урхалла чIагIдар, олаллин архаш ма-торру карахь кхобу некъаш лехар а, карор а. Ткъа националисташа магадо шайна цхьаццадолчу политикан хIуманашкахь Кремлна критика ян. Ткъа иза лар ца догIу Путин Владимиран амалца.

Иштта бу Маршо Радион корреспондента Колсон Роберта кечйинчу артиклан чулацам.

XS
SM
MD
LG