ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юкъана харжамаш беш бу Iамеркехь


Конгрессе юкъан харжамаш бу дIахьош Шинарин дийнахь Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь. Цу харжамашкахь хоржур ву Векалийн чоьнан 435 декъашхо а, 36 сенатор а. Оццу хенахь 36 штатехь хожур бу губернаторш. Цхьацца хаамашца, Конгрессан шина а чоьнехь толам баккха мегаш бу Республикан партин векалш. Карарчу хенахь республиканхоша Iуналла деш ю Векалийн чоь.

Ткъа Сенатехь дукхах берш бу Демократин партин векалш. Цу партин декъашхо ву президент Обама Барак а. Конгрессе харжамаш дIабоьлхуш бу бахархошна юкъахь Обама ларар лахделла а долуш. ТIаьххьара болчу хаамашца, Обама Барака президентан даржехь беш болу болх къобул беш бу 40 сов процент бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG