ТIекхочийла долу линкаш

Мохк боцу мухIажирашна орцах яьлла дуьненаюкъаралла


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин мухIажирашкахула йолчу урхалло кампани йолийна цхьана а пачхьалкхан паспорт доцу нах ца хилийтар Iалашонца. Цу гIуллакхана билгалдоккхуш ду 10 шо.

Бакъанашларъярхоша дийцарехь, цу кампанин Iалашо ю дуьненаюкъараллан тидам тIе бахийта цхьана а пачхьалкхо шайн махкахо ца хуьлуьйтуш бисинчу 10 миллион мухIажаршна. Урхалло динчу дIахьедарца, и нах аьтто боцуш бу лоьрашкара гIо хила а, деша а. Цера яц политикан бакъонаш а.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин мухIажирашкахула йолчу урхаллана хетарехь, хьал хийцалур дара, уьш бехачу хIора пачхьалкхо царах шайн гражданаш бича.

XS
SM
MD
LG