ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанера мухIажираш белла Iаьржа хIордчохь


Истанбулана генадоцуш Iаьржачу хIорд чохь катер тIекъалдаьлла велла 24 стаг. Уьш бу Европехь тховкъело лаха арабевлла хилла ОвхIанистанера мухIажираш. Туркойн Iедалан векалша дийцарехь, беллачарна юкъахь 12 бер ду.

Евробертана юкъахь йолчу муьлхха а пачхьалкхе кхача цу наха хIораммо масийтта эзар евро делла хилла контрабандисташна. Верриг а цу 10 стаг тIе хуучу катерна тIехь хилла 40 стаг. 6 стаг къелхаьара ваьккхина. Биснарш лоьхуш бу орцанхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG