ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сепаратисташца доьзна хаттар дийцаре деш ю Киев


Донецкан а, Луганскан а мехкийн цхьайолчу кIошташкахь «ша-тайпа статус» хилар юхадаккхарх лаьцна низам тIеоьцур ду Украинин Лаккхарчу Радо. Цунах лаьцна хаам бина Украинин парламентан сайт тIехь. Иза маца хир ду дуьйцуш дац.

Украинин президенто Порошенко Петрос Оршотан дийнахь дIахьедар динера и хаттар къоман кхерамазаллин кхеташонехь дийцаре дан дагахь ву ша аьлла. Малхбузерчу пачхьалкхаша къобул ца дина Украинин цхьайолчу малхбалерчу кIошташкахь сепаратисташа дIадаьхьна кхажтасар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG