ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Охьадовлуш ду мехкадаьттан мехаш


ТIебогIучу баттахь дIакхачор долчу мехкадаьттан мах юха а охьабаьлла. Нью-Йоркехь мах беш Шинарин дийнахь цхьана чермах лора 77 доллар 19 цент. Говзанчаша дийцарехь, мехкадаьттан мах охьабалар доьзна ду Сауди Iаьрбийн пачхьалкхо Iамерко шега оьцуш долу мехкадаьттта дайдарца. Associated Press агенталло билгалдаккхарехь, цу гIуллакхо дикачу агIор Iаткъам бан мега дуьненерчу экономикана. Оццу хенахь цо халонаш йохьур ю мехкадаьтта духкуш экономика латточу пачхьалкхашна. Царах ю, масала, Оьрсийчоь а, Венесуэла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG