ТIекхочийла долу линкаш

Amnesty international: Газехь тIеман зуламаш дина Израило


Кху аьхка Палестинин Газа асанехь тIеман зуламаш дарна бехке йина Израил дуьненаюкъарчу Amnesty international организацино. Кхаарийн дийнахь бакъонашларъярхоша зорбане даьккхинчу дIахаитарца а догIуш, жуьгтийн эскархоша байина иттаннаш маьрша бахархой, тIелатарш дина динна доьзалш чохь болчу хIусамашна. УЬш тIеман зуламаш лору Amnesty international организацино.
Израило Газехь тIеман операци дIаяьхьира кху шеран Товбеца-баттахь, цигахь Iедалехь йолчу ХАМАС олучу тобано шайна ракеташ йиттина аьлла бахьана а лаьцна. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино далочу терахьашца, масийтта кIиранаха жуьгташа вийра цигахь 2100 палестинахо, шайна юкъахь маьрша бахархой а болуш. Жуьгташна юкъахь вийнарг вара 66 эскархо а, 6 маьрша вахархо а. Израилан Iедалша бакъ дац бохуш чIагIдо Amnesty international организацино дуьйцург.
XS
SM
MD
LG