ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магаданехь колонех цIе тесна чубоьхкинчу наха


Еарин дийнахь къепедацарш хилла Магадан махкара номер 2 йолчу колонехь. Оьрсийчоьнан талламан комитето бинчу хаамца, вийна а, лазийна а стаг вац. Йохийна масийтта цу колонера гIишло.

Къепедацарш хилла колонин куьйгалхоша цхьа тутмакх таIзаран изолятор чуволла сацам бар бахьана долуш. Цунна реза воцучу 5 тутмакхо цIе тесна чубоьхина нах бехачу а, администрацин а гIишлонашна.

И колони ю Сплавная олучу эвлахь. Цу колонехь хуьлург бахьана долуш масийттоза талламаш бинера цигахь прокуратуро. Гучудаьлларг дара администрацино, низам а дохош, тутмакхаш таIзаран изоляторшна чубухкуш хилла хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG