ТIекхочийла долу линкаш

Малхбузенца шайн политика хийца дагахь яц Гуьржийчоь


Малхбузенехьа волу кхо политик Iедалера дIаваларо лагIдийр ду Гуьржийчоьно НАТО-ца а, Евробертаца а интеграци яр, амма цо хуьйцур яц шайн арахьарчу политикан курс аьлла дIахьедар дина гуьржийн парламентан спикеро Усупашвили Давида. Иза цо элира Еарин дийнахь журналисташна хьалха вист хуьлуш.

Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Панджикидзе Майас а, Европерчу структурашца интеграци ярехула министр волчу Петриашвили Алексис а дитира шайн даржаш, Шинарин дийнахь тIеман министр Аласания Ираклий балхара дIаваккхар бахьана долуш.

Гуьржийчоьнан Iедалехь хиллачу хийцамаша синтем байина Iамеркин аьлла дIахьедар дина Пачхьалкхан департаментан векло Псаки Джена. Вашингтонна хетарехь, Гуьржийчоьно кхин дIа а гайта деза ша демократин принципаш ларйир хилар.

XS
SM
MD
LG