ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

25 шо кхаьчна Берлинера пен бохийна


Берлинера пен боьжна 25 шо кхачарна хьажийна кхаа денна лерина мероприятеш юьйлаелла Германехь. Берлин йоькъуш бина пен симбол яра «шийлачу тIеман». Германин Демократин республика олучу пачхьалкхехь яьхначу канцлеро Меркел Ангелас кху деношкахь зорбанан гIирсашна интервью луш дIахьедар дира, 35 шарахь сатийсинчул тIаьхьа ша маьрша ялар дицлур дац шена аьлла.

Меркел хьалха а яьлла хир ю Малхбалерчу Германера бовда гIоьртинчул тIаьхьа байина нах дагалоцу церемони. Кху беттан 9-чу дийнахь Берлинехь даздаран фестивал хир ю бIеннаш эзарнаш наха дакъа алоцуш. Цу даздаршкахь дакъалоцуш ву Советан пачхьалкхан хилла волу президент Горбачев Михаил. Цуьнан политика бахьана долуш цхьаьнакхийтира Малхбузера а, Малхбалера а ши Германи.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG