ТIекхочийла долу линкаш

Берлинера пен божар даздеш бу немцой


Берлинера пен боьжна 25 шо кхачарна хьажийна леррина мероприятеш ю дIайоьлхуш Германехь. Берлин йоькъуш бина пен симбол яра «шийлачу тIеман». Иза бохорна хьажийна даздарш дуьйладелла ПIераскан дийнахь. Ткъа коьрта мероприятеш хир йолуш ю КIирандийнахь.
И бахьана долуш Шоьтан-дийнахь хенал хьалха дIаяьрзийна шайн дуьхьалон акци аьчканекъан белхахоша. ПIераскан дийнахь Советан пачхьалкхан президент хилла волчу Горбачев Михаила Берлинехь схьабиллира Берлинера пен божарна хьажийна болу гайтам. Горбачевн политика бахьана долуш цхьаьнакхийтира Малхбузера а, Малхбалера а ши Германи.

Германин Демократин республика а, Малхбузера Берлин а йоькъуш бина бара Берлинера пен 1961-чу шеран Товбеца-беттан 13-чу дийнахь, Варшаван Барт олучу организацина юкъайогIучу пачхьалкхаша хьехар а дина. 1989-чу шеран Лахьан-беттан 9-чу дийнахь адамо тIеIаткъам бар бахьана долуш Малхбалерчу Германин Iедалша бакъо елира бахархошна Малхбузерчу Берлине баха.

XS
SM
MD
LG