ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин дозанера хьал дуьйцур ду вовшашна оьрсаша а, Iамеркахоша а


Украинин а, Оьрсийчоьнан а дозанехь хуьлуш долчух лаьцна вовшен хаамаш бан барт бина Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Оьрсийчоьно а. Цунах лаьцна Шоьтан дийнахь хаам бина Iамеркин Пачхьалкан секретаро Керри Джона, Пекинехь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца ша цхьаьнакхеттачул тIаьхьа.
Керрис дийцарехь, Украинехь хуьлург бахьана долуш цхьамоггIа цакхетамаш белахь а, Вашингтон а, Москох кийча ю кхин дIа а диалог дIаяьхьа. Керрица цхьаьнакхетале хьалха Лавровс юха а харц дира Оьрсийчоьнан эскархой Украинин малхбалехь бу бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG