ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаев Русланна тIехь йина харцо Iеткъа нахана


Нохчийчоь --Кутаев Руслан латточу полицин набахте оьрсийн бакъоларъярхой баханчу муьрехь, цо цаьрга яздина кехат, 25Чил2014
Нохчийчоь --Кутаев Руслан латточу полицин набахте оьрсийн бакъоларъярхой баханчу муьрехь, цо цаьрга яздина кехат, 25Чил2014

Нохчийчохь бут-батте мосазза болу жигара а долуш, дийцаре до Кавказан Къаьмнийн ассоциацин куьйгалхо Кутаев Руслан лацар, диъ шо хан а кхайкхийна, набахтехь валлор. Цунна бина харц тIеIаткъам тоьшалла лору цхьаболучара, махкахь Iедалдайша нахана тIехь латточу Iазапан.

Къилбаседа Кавказан къаьмнийн Ассамблеин президент Кутаев Руслан, ямартлонца кисана кIомал а кхоьссина, лаьцна чохь валлош волу шо кхочуш доллу.ТIетоьхна ала а ца оьшуш, набахте чохь валлочу цуьнан тутмакхалла дах мел дели а, агIончаш дебарца, махкахь шорлуш ду цуьнан бала кхачар а, яьржаш ю цIе а, и вовзар а.

Цунах лаьцна дийцар марса а дуьйлуш, и вовзар кIарглуш, Iорадолуш лаьтта , боцу бехк а кховдийна и лацаран бакъ бахьна а – урхаллехь болчара «хIан-хIан» боххушехь, нохчийн къам дохадар карладоккхуш, кху шеран Чиллан баттахь цо Соьлжа гIалахь Iилманан гулам-конференци цхьаьнатохар.

Тахана и вевзачарех дукхахболчара кхетадо Кутаев Русланна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх харц бух болуш хилар а, цуьнгахь гIело яллор урхаллехь болчеран аьллар-лаамца лело бозбуанчаллаш хилар а.

МогIарерчу нахана вуно тов Кутаевн доьналла, оццул шена тIеIаткъам биннашехь, бIо ца къажош, цо дина цхьа могIа майра дIахьедарш. Масала, мехкан куьйгалхой бу бала кхочурш а хилла,сан девнан тIеIаткъам бийраш, аьлла цо кху муьрехь Лакхарчу кхелехь шен дов юхахоттуш.

МогIарерчу наха кар-кара оьцуш дийцаре а деш, вуно хьекъале, чулацаме, кхузахь долчу хьолан бакъ мах хадош, къамел дина бакъонашларьярхочо суьдехь шена деллачу тIаьххьарчу дашехь.

«Сан хьокъехь шаьш сацам беш хаалаш, шу берийн шуна ма-хиллара, сан берийн суна а ю шуна бакъо. Царех диъ бер жима ду. Суна баккхийчу вежаршна хьалха бIегIийла дац сайн берех дийцар, амма ца дийцича валац.

Кху чохь ас бехк боцуш йоккху хан ахчанца юсталац. ХIинццалц сайн бераш хаарш а долуш, кхетош-кхиош схьавеъна со. Ас царна йовзийтина нохчийн исбаьхьаллин литература: Бадуев СаьIид а, Мамакаев Мохьмад а. Пушкин а , Лермонтов а. Исс бутт болуш боллу кхин дIа сан и дан йиш йоцу. Сан хьокъехь шаьш сацам беш дагадаийталаш царна хьалха суна со жоьпалле хетар …».

Герггарчу барамехь ишта къамел хазийна Лакхарчу кхелехь Кутаев Руслана. Шен къамел дерзош цо аьлла:

«…ХIара дов, яьллачу хене хьаьжна а доцуш, цхьана чаккхене кхачор долуш ду…Страсбурган суьдехь листтал биста кхаччалц. ГIадал гIаддайча могIарера кхел а ю.

Суна хаьа сайна йиттинарг а, ницкъ бинарг а мила ву….Ас чохь воллушехь зераш дина.. Шу теший, суна хIора а сайна гIело йина стаг вевза. Сан логе урс а лаьцначу стага дуй буура, ша хаза хетарца хIара корта схьабоккхур ма бара бохуш.

Суна уьш цIарца бевза, мила мичахь Iаш ву а хаьа… Оццул ницкъ биншехь ас дуьхьало йина. Суна хаьа мацца тоьлла а бакъо тоьлур юй. Ас шу а кхойкху ялучу барамехь дуьхьало яре…

Со суьдхочух а, прокурорах а кхета. Со кху метте нисвелла социалан хьолах а, шух а, шуьгарчу декъах а со тIех дика кхетарна а, и хийца сан лаам хиларна а. Со дийна висахь цу лаам тIера юхавер вац со».

Ишта ду Кутаевс Лакхарчу кхелехь аьлла тIаьххьара дош.

Бахархоша даре до и къамел, мил-милла а хазо хуттур воцуш, стогаллех дуьзна къонахчуьнан хилар. Цуьнан къамел ша деша а дешна, цецвийлинчех а, Кутаевх дог лозучех а цхьаъ ву соьлжагIалахо Абу.

Абу: « Аса айса дешна цуьнан къамел. Цо суьдхошка а, нахе а дIахаийтина шен мел бехк бу а, шена хан тохар нийса цахилар а. И суьдхой шех кхетар бу, уьш нийсонна тIе а тевжар бу аьлла, дегайовхо йолуш къамел дац цо дийриг.

Доьналла, къонахалла долуш стаг ву. тахана кхузахь долчу хьолаца хьаъ-хьаъа а дийр долуш къамел дац цо динарг.»

МогIарера бахарой тешна бу Кутаев Русланан гIуллакх гIар мел долу иза маьрша валарехь сихо хир ю аьлла, махкахь кхолладеллачу хьолан бакъ сурт гайтарехь цуьнан девно дозанаш шордина аьлла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG