ТIекхочийла долу линкаш

Голландхоша дагалоьцу кеманца белларш


Украинан стигалахь малайзин кема иккхича белла махкахой дагалоцу де дара оршот Нидерландехь. ДунентIерачу оцу мехкан массо а векалташкахь тезетан дийнан суьрте ялийна яра пачхьалкхан байракх. Амстердамехь гулбеллера кеманчохь беллачийн гергарнаш. Цига вахара Нидерландин паччахь Александр Виллем а, цуьнан хIусамнана Максима а, премьер-министр Рютте Марк а.

Кеманца кхелхинчу шайн 200 гергга махкахочун цIеяьккхира цара тезетан барамехь. Верриг чудожийначу кеманца велларг ву ши 198 стаг. Царех 9 вовзанза висина лору.

XS
SM
MD
LG