ТIекхочийла долу линкаш

Эдигов Сулиманна набахтехь яккха тоьхна хан ма-ярра йитина


Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело хийцам ца беш йитина Нохчийчоьнан кхело меттигерчу вахархочунна Эдигов Сулиманна набахтехь яккха тоьхна хан – 14 шо ахшо. Цунна бехкедо иза Iедалан белхахо вен гIортар а, шеца герзаш лелор а.

И дов дика девза прессехь, юьхьанца и къастош хилла Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан суьдхо Абубакаров ВахIид Эдилов бехкевацарх ша теша аьлла, шен лаамехь даржера дIаваьлла хиларца. Эдилов Сулиманан агIо кхидIа шен бакъо къовса лерина ю Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь.

XS
SM
MD
LG