ТIекхочийла долу линкаш

Хьанна алссам бале ю Европан Берто а, Iамерко а кхайкхийна санкцеш?

Оьрсийчоь -- Петарбухарчу ахча хуьйцучу пункто гойту долларан а, еврон а мах, 5Лах2014

Оьрсийчоь -- Петарбухарчу ахча хуьйцучу пункто гойту долларан а, еврон а мах, 5Лах2014

Ах шо ду дуьненарчу дуккхаъчу мехкаша Оьрсийчоьнна дуьхьал экономикан а, кхин а массех тайпа а санкцеш яьхна, цо Украина йохош некъ хаьржина аьлла. Тахана Нохчийчохь, ерриг а Оьрсийчохь а санна базбелла кхачанан, духаран, сурсатийн мехаш, долларна а, еврона а хьалха лахделла сом.

Цуьнца дузу Маршо Радионо кху кIиранан хаттар. Шуна муха хета, мехаш дестар доьзна дуй дуьнено кхайкхийначу сакцешца? ХIун дан догIу Оьрсийчоьнан Iедало а, Европан а, Iамеркан а куьйгалхоша санкцешка халкъан дахар эшаме ца дигийта?

Шена хетарг ала луучунна тхайн телефонаш йовзуьйту оха. Прагехь:

+42 07 24 01 98 32. Боцца горгали баийтинчул тIаьхьа тхаьш зIене а девр ду тхо.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 92 62 36 04 65.

XS
SM
MD
LG