ТIекхочийла долу линкаш

Обамин а, Путинан а шийла цхьаьнакхетар


Кху деношкахь Пекинехь дIахьочу саммитехь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Обама Баракан аьтту хилира Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца хиллачу цхьанакхетарехь Иранехь, Шемахь, Украинехь лаьтта хьал дийцаре дан.

Reuters-агенталло хаам барехь, шина пачхьалкхан куьйгалхойн Азин-Тийначу ХIордан Экономикан юкъараллан (АЗС) саммит дIайоьдучу муьрехь хиллачу цхьанакхетаро гайтира церан юкъаметтигаш шийла юйла. Кху кIиранах Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а лидерш шозза ган безаш бу вовшийн, цкъа Пекинехь, цул тIаьхьа Австралин Брисбен-гIалахь хуьлчу цхьанакхетарехь.

Шина куьйгалхочун юкъаметтигаш доттагIаллин тIегIантIехь цкъа а ца хилла, ткъа Украинерчу конфликтна куьг бехке Оьрсийчоь хилар бахьана долуш, шина президентна юкъахь хаалуш яцара йовхо.

XS
SM
MD
LG