ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсаша ши зарратан станци йийр ю гIажарошна


Оьрсийчоьно ГIажарийчоьнна шиъ зарратан станци йийра ю аьлла бартхилла шинари дийнахь шина пачхьалкхан куьйгалхошна юкъахь. ТехIеранца зарратан дай йолчу пачхьалкхаша масех шарахь деш долчу дийцаршца а догIуш, ГIажарийчоь декхаре ю кху беттан 24-гIа де тIекхачале шен зарратан программа хийца а, бертахой резахуьлучу кепе яло.

ТехIеранерчу а, Москохарчу а зарратан урхаллин куьйгалхоша Салахьи Iела Акбара а, Кириенко Сергейс а хIоттийначу меморандумо чIагIдо ГIажарийчоь зарратан герз кхолла лерина цахилар. ХIотто лерина ши станци йоцург, ГIажаричуьрчу Бушерехь болх беш ю оьрсаша дикка зама хьалха схьайиллина зарратан станци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG