ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъе хьовсош бу Iамеркан эскархой


Иракъерчу Анбар провинцехь лаьттачу шен авиабазе шовзткъе итт тIамехь лелон лерина доцу кеманаш кхачийна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа.

Анбар провинци доккхачу декъанна ю «Исламан пачхьалкх» шех олучу тIеман тобанийн карахь. Царна стигалхула тохарш долийра Штаташа ши бутт хьалха. Iамеркан эскарш Иракъера дIадахара ши эзар цхьайттолгачу шарахь. Амма президента Обама Барака даханчу кIиранах дIахьедина ша Иракъе масех эзар эскархо хьажаво аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG