ТIекхочийла долу линкаш

Дипломатин Iаламаташ: Путин а, Китайн хьалхарчу ледин гуьлмаьнда а, "Йотафон" а


Китай -- Си Цзиньпин Обама Баракца къамел деш Iачу юкъанна Путин Владимир ву Китайн хьалхарчу ледин белшаш тIера охьадаьлла кортали дIанисдеш.

Китай -- Си Цзиньпин Обама Баракца къамел деш Iачу юкъанна Путин Владимир ву Китайн хьалхарчу ледин белшаш тIера охьадаьлла кортали дIанисдеш.

Пекине саммите вахначу президента Путин Владимира Китайн куьйгалхочун зудчуьн белшаш тIера охьадаьлла кортали дIанисдарца шех белийра иштаниг ловш боцу китайхой. ШозлагIа цо уьш а, саммите баьхкина кхечу мехкийн лидерш а белийра оьрсийн технологица йина смартфон Си Цзиньпинна совгIатъярца...

Кест-кеста шайн электронан Iаламаташца дуьне а цецдохучу Китайн компартин Инарла секретарна, иштта аьлча, оцу пачхьалкхан куьйгалхочунна Си Цзиньпинна Путина хIинца а шуьйра нахала ялаза, йохка йолоза йолу "Йотафон" совгIат яр дийцаредо дуьнено цуьнгара яьлла кхин цхьа ледарло а санна.

Саммитехь оьрсийн президента, ша Китайн дипломатин ранг цхьа а Iаьциг евзаш вацар а гойтуш, Си Цзиньпинан зудчунна, евзаш йолчу халкъан иллиалархочунна Пэн Лиюанна тIетесира цуьнан белшаш тIера охьаяла йоьлла гуьлмаьнда, майра Iамеркарчу президентца Обама Баракца къамеле ваьлла Iачу юкъанна.

Европехь изза дича Путинах къонах ву эр дара – иза догIу цигарчу гIиллакхашца, амма Китайхь ца магадо и тайпа хIума, хьо оьзда велахь а – нехан зудчунна гонах хьовзар.

Кхин тамаше ца хиллал шашах хилам бу Путин Владимира Китайн лидерна Оьрсийчуьрчу зIенан технологешкахь болх бечу «Yota Devices» компанино кхоьллина лору смартфон «Йотафон» совгIат яр а. Цхьа башхалла юьсу кIезиг хьахош – Китайхь арахьоьцуш хир ю и телефон.

Путинан дипломатин ишарех, къаьсттина цо смартфон совгIатъярх, къоначу нохчаша ма-аллара, тоъал приход кхетта иза везачарна. Информацин коьчалш кхолларехь Оьрсийчоьно баьккхина толам цуьнан президента дуьненна а бовзийтинцул тIаьхьа, "Йотофон" эца лерина бу Кремлан патриоташ.

Церан могIарахь билгалваьлла нохчийн администрацин да Кадыров Рамзан а. Ша лелочу интернет-хьостанашкахь цо хаам бина, ша шен гIоьнчашка шена эца аьлла и смартфон, бохуш.

Путин Владимир дуьххьара вац пачхьалкхан сий электронан технологаша кхоьллинчу гаджетехула айдан гIортарехь.

Китайн куьйгалхо Си ша а ву кхушара кхечу пачхьалкхе вахча – Таджикистане – цигарчу хьаькамашна шен махко арахецна смартфонаш совгIат йиначех.

Технологин бренд, эшаршка ладугIу Ipod 2009-чу шарахь Iамеркан Штатийн президента Обама Барака а йира совгIат Британин паччахьна Елизавета ШолгIачунна.

Ткъа Путин Владимира кху деношкахь шайн махкахь гайтинчу телефонах, зорбанера хаамаш тергалбича, китайхой хьоьгу ала дац, ала тарло – уьш боьлу, уьш ца беша лаккхарчу технологешкахь цкъа а билгалбевлла а боцчу оьрсаша кхоьллинчу гаджетах.

Интернетехь дуккха а дуьйцу оьрсаша Yota Devices-о бутт баьлча, 30 эзар сом а доьхуш, йохка йолор йолчу Йотафонах лаьцна. Иза массо а маьIнехь, массо а агIор эца хьашт доцуш смартфон ю, яздо дукхахболучара.

Амма гаджет цхьаьнхьа а йилла ца магош юьйцучарна юкъа а лелхаш, яздо цхьаболучара, иза эца а еза, цунах дозалла дан а догIу, бохуш. «Йотафонан» уггаре диканиг ду иза оьрсаша арахецна хилар, цара бахарехь.

Амма хууш ма-хиллара, патриотизммий, технологеш караерзоррий цхьаъ дац, я Путинна олучу кицанехь аьлча, котлеташший, мозий шаьш-шаьш даьхна хила деза.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG