ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донбассе герзаш дIаузуш ю Оьрсийчоь


Атлантикан ТIеман Альянсан (НАТО) куьйгалло хаам баржийна, тIаьххьарчу шина дийнахь Оьрсийчоьно Украинерчу Донбассе дIаузучу герзан ковранаш хаало, аьлла. Софияхь къамелдеш Iамеркан инарлано Бридлав Филиппа бохура, оьрсийн танканаш, яккхий тоьпаш, кеманашна дуьхьало ен герзаш, тIеман дакъош ду Украине дIаоьхуш.

Европан кхерамзаллехула, цхьанаболхбарехула йолчу организацин тергамчаша а боху шайна тIехь билгалонаш йоцу 43 тIеман машен а, яккхий тоьпаш а, пхиъ ракеташ кхуьйсу машен а яйна Оьрсийчуьра Донецке йоьдуш.

Журналисташа бечу хаамца, даккхий герзаш дуьйлура Донецкерчу аэропортехь кхаарийдийнахь. Бахначу беттанийн конфликтехь виъ эзар стаг вийначу Донбассехь юха а тIом баларна кхоьру тергамхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG