ТIекхочийла долу линкаш

ГIажаройн президент вахана Азербайджане


ГIажарийчоьнан президент РохIани Хьасан Азербайджане вахана официалан визитца. Цхьанакхетта иза Бакох президентца Алиев ИлхIамца а, парламентан депутаташца а. Иштта РохIани лерина ву Азербайджанан лаккхарчу куьйгалхошца цхьанакхета а, лулахошца йохк-эцаран гIуллакхаш дийцаредан а.

Ши кIирахьалха Бакох вахана хиллачу ГIажарийчоьнан, Азербайджанан Iедалан комиссин куьйгалхойх цхьаъ волчу Ваези Махьмуда дийцарехь, шина пачхьалкхан таро ю юкъарчу йохк-эцаран барам 10 миллиард долларе кхачон. Ши шо дара шина мехкан юкъаметтигаш, цара вовшашна тешамбацар а кхайкхош, нах леца болийча ийгIина.

Оцу юкъанна, хаам кхаьчна, Азербайджанан ницкъаша шайн дозанехь герз тоьхна чудожийна тIеман беракема, велла цу чуьра кхо стаг, аьлла.

XS
SM
MD
LG