ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан лаьттах доладарна - набахте


Нохчийчуьрчу Мартанчоьнан юьртда Агаев Ваха бехкево цо шен белхан бакъонаш а талхош, стохка шен вевзачу цхьана стагна 19 гектар Iедалан латта совгIатдарна. Иштта хаам бина талламчаша. Бехктакхаман гIуллакх гIаттийна Агаевна дуьхьал.

Бехк бакъбахь доккха гIуда я набахтехь ворхI шаре кхаччалц хан токхур ю юьртдас. Лаьттанашца харцонаш лелор даьржина зулам ду Нохчийчохь. И бахьанехь балхах вохийна тIаьххьарчу шерашкахь массех префект а, мэр а, юьртда а.

XS
SM
MD
LG