ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно гIодоху гIажарошкахьа


Дуьненаюкъарчу хьукматаша ГIажарийчоьне зарратан герз ца кхоллийта кечбина барт цунна къастийначу кху беттан 24-чу дийнахь тIечIагIбойла дац, аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьно.

«ГIажарошна а, кхечу агIонашна а цхьабосса товш компромисс каррол яц йисина хан, политикан лаам кхиа безаш бу цкъачунна» - элира барт буьйцучу зарратан герзан да йолчу 6 пачхьалкхан векалшка Кремлан дипломатин министран гIовса Лукашевич Александра.

АгIонаша лоьху ТехIерано зарратан герз ца кхуллу некъ, ткъа цунна оьшу ша Малхбалено йохк-эцаран боламна юкъаюьтийла. ГIажарийчоьно чIагIдо, ша и кхераме герз кхуллуш яц, бохуш, ткъа дуьне ца теша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG