ТIекхочийла долу линкаш

Шишани Iумар кхелхина аьлла хаам баржийна Кадыровс


Шемин а, Иракъан а Iедалшна дуьхьал тIом бечийн баьчча Шишани Iумар (Батирашвили Тархан) вийна аьлла даржийна шен интернетерчу Инстаграмехь Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана. И хаам тIечIагIбеш, сурт а хIоттийна цо шен агIонтIе. Амма вац суьрта тIераниг Батирашвили - цхьа шо ах шо хьалха Шемахь кхъелхина стаг ву гайтинарг. Кхечу цхьана а хьостано бакъ ца бо Кадыровн хаам.

XS
SM
MD
LG