ТIекхочийла долу линкаш

"Джи-20" саммите ца ваха тарло Путин Владимир


«Джи-20» олучу пачхьалкхийн лидерийн гонан низам а, дуьненаюкъара бакъо а талхош ю Европан Берто а, Iамерко а Украинера кризис бахьанехь Оьрсийчоьнна хIиттийна санкцеш, аьлла, дIахьедина президента Путин Владимира. Ша ТАСС-агенталлана интервью луш цо ишта элира: «Цхьаьнакхеттачу Къамнийн Организацин бен йиш яц финансийн активаш къовла, визанаш ялар дехка, компанеш лакъон».

Санкцешна а, мехкдаьттан мах байбаларна а дуьхьаллаттал ахча долуш ду Оьрсийчохь, бахархой Iалашбан таро ю пачхьалкхан, бохура Путина. Австрале екеста хуьлучу Джи-Ткъаннан саммите ваха некъ бихкина бац, амма цига ваха шена маьIна ца го элира цо.

Тергамчаша Путинан къамелах лаьцна яздо, цунна хаьа шега саммитехь ша эскарш Украине хьийсорах жоп доьхур дуйла, бохуш.

XS
SM
MD
LG