ТIекхочийла долу линкаш

Лермонтов нохчийн а, нохчийнчух тера хеталучу а маттахь...


Нохчийчоь -- Лермонтовн театрна хьалха, Соьлж-ГIала, 20Тов2012

Нохчийчоь -- Лермонтовн театрна хьалха, Соьлж-ГIала, 20Тов2012

Деношкахь нохчийн матте гочйинчу Лермонтов Михаилан байтийн жарга арахецна Соьлж-ГIалахь. Дуккха а ю вуно хаза гочйина байташ, амма ю ледаранаш а...

Нохчийн исбаьхьаллин литературана, къаьсттина байталлина дика тIеIаткъам биначех ю Лермонтов Михаилан кхолларалла. Говзанчаша билгал ма-даккхара иза хаало Мамакаев Iаьрбин а, Гадаев Мохьмад-Салахьан а, Сулаев Мохьмадан а, Сулейманов Ахьмадан а кхечеран а кхоллараллехь.

Цундела лаа дац сийлахьчу поэтан 200 шо кхочучу шарахь цуьнан ирташ тIехь йолу жарга нохчийн маттахь араялар.

И хIоттийначу Минкаилов Эльбрусан а, редактаро Сумбулатов Денис а цу тIехь зорбане даьхна иттех авторий гочдарш: Саидов Билалин «Вайн заманан турпалхо», Гадаев Мохьмад-Салахьас гочйина поэма « Мцыри», Мамакаев Iаьрбис нохчийн матте яьккхина «Измаил –Бей» поэмин кийсак, ишта кхин дIа а.

"Метехи-гIап", Лермонтовс диллина сурт

"Метехи-гIап", Лермонтовс диллина сурт

Лермонтов Михаилан хатI, кIоргалла кхета а еш, нохчийн меттан таро-шорталла а гойтуш, кхиаме гочдарш динчех лара богIу Сулейманов Ахьмад а, Сулаев Мохьмад а, Абдулаев Леча а, Хатаев Хьусайн а. Цу могIарера ю Сулаевн «Сагатло, сахьийза..»

Сагатлдо, сахьийза! Куьг кховдо стаг а вац,-

Са бIарздеш, хьовзийча воно…

Ткъа безам?..Цунах а бухабиса пайда бац:

Шераш дIаоьхий-ца-и шераш къона!

Ткъа мила везар ву? Цхьана ханна -дош и дац.

Гуттар-х йиш яций-ца веза…

Хьо вухахьаьжча а, хиллачун лар а яц,

Мел дайнарг ду цигахь деса.

Сулейманов Ахьмадан гочйинчу Лермонтов байташлахь вуно дукха ю оригиналана герга а хеталуш дика язйинарш. Царех ю хIара «Кавказ» байт юкъара кийсак а.

ХIара дуьне-м сан дагах ца кхетта хир ду…

Дуьненна-м ца оьшу вайн буьрса дегнаш!

Къайленах дуьзначу дуьненан кийра

Кхочур дац уггар а сирлачун бIаьрса.

Сан боде. КIоргачу дагна яц хийра

Сийлахьчу Кавказах еш йолу ойла.

Сан дагчохь гIеллур бац хьох болу безам!

Миччхьа а со хьан ву! Хьан ву со даим!.

Сулейманов Ахьмадан гочдарш хьахаделччара аьлчи, тоьллачарех лара йогIу цуьнан «ГIалгIазкхийн аганан илли» а, «СагIадоьхург» а, «Суо цхьалха буьйсанна со араволу» ишта кхин а дуккха а.

Гусаран Лермонтов Михаилан сурт

Гусаран Лермонтов Михаилан сурт

​Лермонтовн ирташ тIехь нохчийн маттахь араяьккхинчу жарги тIехь, бIаьрса а, лерса а йийсаре деш, екачех ю Абдулаев Лечас гочйина байташ. «ХIорда-кема», масала.

ДIо кIайн гата хIордан –кеман

Къеста сенчу дахкарлахь…

Цо хIун лоьху цIенна генахь?

Цо хIун дитна генна цIахь?

ХIорд, тIулг боьлу, мохо лоькхуш

Чардакх сетта, цIийза и.

ХIан-хIа, цо я ирс ца лоьху,

Я ирсах ца уьду кхин.

Сенчу хи тIехь маьрша доьду,

Дашо малх бу хьоьжуш тIе.

Ткъа тем боцчу цо дарц доьху.

Дорцехь хуьлуш санна тем.

Схьагучу суьртехь гочдарехь хIетал-металш дац Абдулаев Лечин садууш. Уьш гочдарш ду ала хала а долуш ешало дукха хьолехь цуо ненан матте ерзийна байташ:

Со цхьа-цхьалха гIоттий новкъаволу,

Дахкарлахь дIаIуьллу гIорза некъ;

Далла муьтIахь арено ладоьгIу,

Седа бу цхьаъ дуьйцуш седане.

Стиглахь ю цхьа Iийдан исбаьхьалла!

Сенчу нуьрехь лаьтто наб йо шен.

Сатийсарна ю-те сиэхь и хало,

Я цхьа хилларг дагахь долу –те?

ХIума дац ас кху дуьнене доьхуш,

Юхахьаьжна я тIехиндерг гуш.

ПаргIато ю,синтем бу ас лоьхург,

Тхьовса хьаьгна, ваха виц а луш», ишта кхин дIа а.

Кхеташ ма-хиллара нохчийн матте яьхна Лермонтов Михаилан байташ ерриш а даладелла ю бахар бакъдолчунна гена ду.

"Кавказ", Лермонтовс диллина сурт

"Кавказ", Лермонтовс диллина сурт

Цхьаерш,ма-дарра аьлчи гочйина, уьш дIахезча 200 шо хьалха дIакхелхина байтанча, денвелла, девне вала, кошара гIоттур варий те аьлла ледара а, оригиналана бIоста нислой те аьлла, гена а. Масала Ахматукаев Адама гочйина:

«Iодика йойла хьан, Россия,

Лех элех буьзна боьха мохк.

ДIаIе мундираш сирла, сийна,

ДIаIе хьо, царна муьтIахь халкъ!».

Кхеторхьама аьлчи гочйинарг ю «Прощай немытая Россия, страна рабов,страна господ». Изза байт нохчийн матте яьккхина исбаьхьаллин литературехь вахчавеллачу Кусаев Iадизан а:

«Боьха Росси, марша Iойла!

Мохк хьо элийн, мохк хьо лайн!

Сийна духарш кхин ма гойла,

Хьо къам царна тешамен».

Ала дашна уьш санна «эшаме» байташ кIезиг яц оццу жарги тIехь. Сан лаам а бац, я со охIла а вац церан мах хадо. Ас и бакъо дIало махкахь дика вевзаш волчу байтанча-гочдархочуьнга Хатаев Хьусайне.

Хьусайн: « И болх дукха лерина бан безаш бу. Лерина ца бича, цхьа тамашена, беламе нислуш меттиг а йогIу. Масала оцу цхьаммо бах: « Iодика йойла хьан Россия». Цкъа делахь нохчаша Россия ца олу Росси олу. Кхечанхьа боху цуо «лайн, элийн боьха мохк». Ахь мел чIогIа ойла йича а, мел чIогIа кIаргвелча а хьо дуьхе кхуьуш верг хIун ду?

ГIаддайна, гIорасиз мохк бохучу маьIнехь аьлла ма ду цо «немытая Россия». Цо ишта аьлла ма дац и юьхь йилна а йоцуш, юьхь йилаза хIунехдинарг бохург ма дац иза. Са-м и дийца Iалашо а яц. Ас-м и болх ша и болх буй и лерина беш ца хилча хуьлуш болу, хила тарлуш болу пайда буй и пайда ахь лачбоккху».

Нохчийн маттахь зорбане яьхна Лермонтов байташ йовзийтар оха дерзадо Хатаев Хьусайне ша гочйина «Ма теша» байт а йоьшуьйтуш.

"Дагестан", Лермонтовс диллина сурт

"Дагестан", Лермонтовс диллина сурт

Хьусайн: « ХIун Iалашо йолуш язйина Лермонтовс и байт ала лаьа суна. Сан кхетамехь цо хьо яздан дагахь велахь ма язде боху цо. Стенна бах цо? Цо хьан дог оьцуш, нахера баркалла а долуш, ца дерза а там бу бах хьан къахьегар. Цундела IадIе бах цо. Оцу маьIнехь, и некъ атта а хеташ, хьенех, хьо цу новкъа волуш велахь IадIе бах цо.»

Ма теша,ма теша, сатуьйсург къона,

Кхера сингIаттамх хьо, чевнах санна…

И дог ду бIарзделла, ницкъ лайна вонан,

Я готтехь ойла ю оьгIазе цхьанна.

Ахь цуьнца стиглара къайле ма леха.

И цIий ду, гIора ду, дегIехь дерг шортта!

Дезаршна, хьашташна ахь тоба дехьа,

Iанадай дIаьвше мутт, хьо ваха хIотта!

Ткъа нислахь хазачу, башхачу хенахь

ДIаделла тийначу хьайн синан хьоста,

Ца девза, ца гина, ахь кхаьбна генахь,

Аьхначу аьзнийн зов мерзачу костан!

Биталахь и зевне мукъамаш цунна,

Къорвоьлча хьо санна, кеп еш ца хеза,

Шерачу байтаца, шан дашца,хьуна,

Кхеталур дац церан маьIна тIех деза.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG