ТIекхочийла долу линкаш

Австралерчу G20 саммитехь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цхьамогIа Малхбузенан куьйгалхошца цхьаьнакхетарш хилла. ХIетте, Оьрсийчоьнна кхайкхийна санкцеш лахъян дагахь яц Малхбузе. Мелхо а, цу саммитан кулуарашкахь Кремлана дуьхьалъяха керла гIулчаш йийцаре йийр ю.

ХIинцале а цхьа могIа кхечу пачхьалкхийн куьйгалхошца а цхьаьнакхетарш дIадахьа кхиина Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Амма дуьненан юкъараллин тидам Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентаца Обама Баракца Путинан цхьаьнакхетарна тIе бирзина бара.

Мацах Обама Баракъ Iедале веанчу хенахь цуо дийцина хилла юкъаметтигаш карлаяхар тоххарехь дицдина тIаьхьарчу беттанашкахь Оьрсийчоьнан а, Малхбузенан а Украина бахьана долуш даьллачу девно.

Къаьстина шийла ю дуьненчохь уггаре а нуьцкъалчу пачхьалкхенан дарж вовшашлахь къуьйсучу Цхьаьнатоьхначу Штатийн, Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш. Цундела массарна а хаа лаьара, муха хир ду-те шина президентан гергарло ийгIинчул тIаьхьа дуьххьарлера вовшашна гар.

Амма кхин дIогара ган а, дийца а хIума ца даьккхира цу хиламо. Вовшашца барт хиларна мискъазаратталла и шиъ герга ца кхаьчнехь а, делахь а, кхин хIара аьлла зевне дIахьедарш а ца хезира цаьргара.

Бакъду, кхечаьргахула цхьацца вовшашна бехкаш дар ца хазош-м ца дисира. Иштта, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран гIовса волчу Рябков Сергейс элира журналисташка, шина президентан цхьаьнакхетаро цхьа а хийцамаш ца бахкийна, аьлла. Ткъа Iамеркица Кремлан юкъаметтигаш шелйаларна жоьпалла дерриге а Вашингтонан бехк бу, аьлла тIетуьйхира цуо.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто, ша шен оьрсийн коллегица вистхилале саммитехь къамел деш билгалдаьккхира, Оьрсийчоьно лелош дерг доллучу дуьненна а кхераме хIума ду, аьлла, цу хьокъехь Украинехь масех бутт хьалха чудаийтина хилла Малайзера маьрша некъахой дIасалелон Боинг а хьахош.

Нагахь санна саммит йолаялле Кремлан гергара аналисташ цигахь Путин Владимир шен Малхбузерачу коллегашца цхьаьнакхетаро уьш санкцеш юхалиста еза бохучух кхетор бу аьлла сатийсамаш кхобуш хиллехь, амма хIинца гучудаьлла ма-хиллара, и сатийсам бух боцуш хилла.

Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу гIуданийн гIулчаш юхаяха-м тешна а лерина яц Малхбузе, мелхо а, саммитехь шаьш вовшашлахь дечу къамелашкахь Малхбузенан куьйгалхойн дагабевр бу, муьлха рогIера гIулчаш яха йиш ю Кремлана дуьхьал аьлла.

Иштта Европин Кхеташонан куьйгалхо волчу Ван Ромпей ХIермана элира, Джи -20 саммитан кулуарашкахь Европебертан пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министраша дийцаре дийр ду Украинера хьал, ткъа цуьнга хьаьжжина цара иштта толлур ю Оьрсийчоьнна дуьхьал яхар тарлуш йолу керла гIулчанаш, аьлла.

Цуо билгалдаьккхира, керла санкцеш юккъеяхар хила тарлуш хIума хилар. ХIинцале а Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхначу санкцеша дуккха зенаш дина цу пачхьалкхан экономикана а, ткъа иштта цигарчу таронечу цхьа-цхьацца нахана а.

Бакъду, массо а тергамхой бац цу санкцеша Оьрсийчоьнна дуьхьал эвсаре ю аьлла хеташ. Экономикан зенаш мел даккхий Оьрсийчоьнна хиларх, цу санкцеша кхечунна тIехь пайда бохьу Кремлана – халкъан цхьаалла а, патриоталла а лакхаяьккхарехь аьлла хеташ ву Европерчу стратегикаллалин талламийн институтан Iилман белхахо волу политолог Асхьабов Хьамзат.

Асхьабов Хьамзат: «Царна дуьхьал еш йолу санкцеш кхиаме хир ю аьлла ца хета суна. Царех пайда хир бу аьлла а ца хета суна. ХIунда аьлча, Оьрсийчоьно юхьара лаьцнарг – иза халкъ хьалха а тоьттуш, ткъа шайн ахча а, Iалашонаш а, таронаш а, гIирсаш а цу халкъана тIехьа а сецош йолу политика ю.

Нахана гуш дерг халкъ гIаьттина хилар ду, ткъа цу халкъана тIехьа лаьтташ берш царна ца го. Цундела и санкцеш кхиаме хир ю аьлла ца хета суна. Оьрсийчоь цунах юхаер ю аьлла а ца хета. Цхьана ханна халонаш кхуллур ю цара, амма цу халонаша халкъаний, Iедалний юккъера цакхетамаш дIа а баьхна, церан барт чIагIбийр бу».

Цу юкъана, саммит дIаерзале Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхета езаш ю немцойн канцлер Меркел Ангела а. Бакъду, шота Iуьйранна цуо ша динчу дIахьедарца, башха цу цхьаьнакхетарх дегайовхонаш кхобуш яц иза.

Цхьа а хIара аьлла керла хийцамаш хиларе ша сатуьйсуш а яц элира Меркел Ангелас, ткъа и Путинца долу цхьаьнакхетар еккъа цхьа Iалашо йолуш ду – карарчу хьоле цуьнан хьежамаш бовзар, аьлла. Немцойн канцлера тIечIагIдира, Украинерчу кризиссан эскалацина бехкечу нахана дуьхьал керла санкцеш яхар Евроберто дийцаре деш хилар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG