ТIекхочийла долу линкаш

G-20 Оьрсийчоьнна реза яц


Пачхьалкхийн лидерша шаьш Австралехь дIахьочу шина денна леринчу «Джи-20» саммитехь доккхачу декъанна дийцаре ду деш Украинерчу кризисехь Оьрсийчоьно лоцу дакъа. Саммит йоьдучу Брисбен-гIаларчу университетехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Барака студенташна дийцира, шен пачхьалкхо духьало латтайо Украинера хьал Оьрсийчоьно дохош хиларна, бохуш.

Дуккха а хилла лидершна юкъахь ледарчу дуьнентIерачу политикан хьелаша талхадо мехкийн экономикера хьал бохучу маьIнехь къамелаш. Европан Бертан куьйгалхочо Ромпей ХIермана хаамбина, оршотдийнахь Европерчу пачхьалкхийн дипломаташ вовшахкхетар бу Оьрсийчоьно Украинера шен эскарш а, герзаш ара ца дахахь, цунна дуьхьал кхидIа а санкцеш хIиттор дийцаредан, аьлла.

XS
SM
MD
LG