ТIекхочийла долу линкаш

Пакистан а, ОвхIанистан а машар чIагIбеш ю


Исламабадехь хьошалгIахь волчу ГIани Ашрафа кховдийначу машарна дуьхьал жоп луш, Пакистанан премьер-министра Шариф Наваза, ша а аьтто бийр бу Кабулца шайн юкъаметтигаш тоярехь, иза шина а агIонна пайде ду, аьлла. ГIанис кхайкхина тIалибаш а, кхиболу шен Iедална дуьхьаллаьтта тIемалой а машаран некъатIе бовларе.

ГIанел хьалха ОвхIанистанехь Iедалехь Iийначу Карзай Хьамида бехкейора Пакистан цо шен лаьттатIехь овхIанхойн тIалибийн тобанашна маршо йитарна.

Шариф Наваза дIахьедина, шайна а лаьа ОвхIанистанца йохк-эцаран программа кечъян а, иза шоръян а, аьлла. Шина махко эгIна даккхина 13 шо ша а, Шарифа а кхаа дийнахь чекхдерзийна, бохуш ду ГIани Ашрафа дина дIахьедар.

XS
SM
MD
LG