ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаевца харцо лелайо Нохчийчоьнан кхело юха а


Кавказан къаьмнийн ассоциацин лидеран, набахтехь волчу Кутаев Русланан арз листина яьллачу Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело, низамо ма-хьоьхху сиха, ша бинчу сацамах долу протоколаш схьа ца ло шега аьлла дIахьедина тутмакхан адвоката Заикин Пётра.

Мехкан Лакхарчу кхело ши кIира хьалха теллина, башха хийцам боцуш битира ТIехьа-Мартанарчу кхело бина сацам. Нохчийчуьрчу кхелаша политика хьалха а яьккхина, Iедална товш доцу тоьшаллаш чоьте а ца оьцуш, дерриг а до Кутаев Руслан набахтех хьалха ца валийта, боху Заикина. Кхо де далале сацаман протоколаш адвокататшка а, бехкеозийначуьнга а дIакхачо декхаре ю Оьрсийчуьра кхелаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG