ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исламисташа вийначух кадамбина Обамас


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа бакъдо шен вахархочун Кассиг Питеран (цунах Кассиг Iабдул-Рахьман а олура) «Исламан Пачхьалкх» тIеман тобано корта баьккхина хилар. И гойтуш видео яржийна тIемалоша кху деношкахь.

«Шаьш дуьнено а адамаллех хаьдда лоручу террорхоша вийна Iабдул-Рахьман», - элира президента Барак Обамас, вийначун гергарчаьрга кадам а беш. 26 шо долу Кассиг Iамеркан эскарехь гIуллакхдеш вара стохка исламисташа лоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG