ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Порошенко "тIамах ца кхоьру"


Украинан президента Порошенко Петрос шен эскарш кийча ду боккхачу тIамна, мехкан малбалерчу оьрсийн сепаратисташца дерг къастош, аьлла дIахьедина. Немцойн «Билд» газетна еллачу интервью цо боху, ша ца кхоьру Оьрсийчоьнан ницкъашца тIом бан.

«Тхо кийча ду боккхачу тIамна... Амма ца беза тхуна тIом, тхуна машар беза, тхо Европан хазанашкахьа къийсало. Амма Оьрсийчоь ларам беш яц цхьана а бертан», - боху Порошенкос оршотдийнахь арадаьллачу оцу газетан агIонтIехь.

ТIом сацабо аьлла Украино а, Оьрсийчоьно а, Евроберто а, Донбассерчу сепаратисташа а кехат хIоттийнехь а, кес-кеста лелха тIематасадаларш конфликт лаьттачу къошташкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG