ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоь - Европа: дипломатин тIом


Оьрсийчоьно персона нон-грата кхайкхийна массех немцойн а, Полшин а векалтийн белхахо. Иштта ду цо дукха хан йоццуш оцу мехкаша шен дипломаташ цIахьовсорна делла жоп. Оршотдийнахь Полшин векалш арабахарх лаьцна дIахьедеш Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло хаам бина, церан болх богIуш бацара шайгарчу статусца аьлла, и ду уьш шпионаш бара бохург.

Германин дипломат цIахьажор а ду, боху Кремлан векалто, Оьрсийчоьнна гайтинчу цаларамна дуьхьалбеш цаларам. Украинера кризис Оьрсийчоьно латтош а, шоръеш а ю аьлла хетачу ЕвроБертанний, иза даре ца дечу Кремланний юкъаметтигаш эгIаш хилар гойту цара дипломаташ шайн махкашкара арабахаро.

XS
SM
MD
LG