ТIекхочийла долу линкаш

Берашлахь "вахIабхой" лохуш ю муфтият


"Бер балехь", Урдунерчу нохчочун Везашан сурт.

"Бер балехь", Урдунерчу нохчочун Везашан сурт.

Хууш ма-хиллара, вахIабхойн боламан декъашхоша къобалдеш дац устазаш харжар а, вирдаш дахар а. Цуьнан агIончаша кхеторехь Далца а, Пайхамарца а (Делера салам маршала хуьлда цунна) юкъардуьйцуш накъост лацар санна хIума ду устаз а хаьржина вирд даккхар. Цаьрца, вахабхошца, къийсам баллорна, церан могIанаш деба ца дебийтарна тIехьажийна йоху гIулчаш лору цхьаболчу тергамхоша муфтиято ишколашкахь дойтуш долу зераш.

Уьш доьзна ду 5-чу классашкара II-чу классе кхаччалц, мила мича вирдехь ву бохуш, дешархой дIаязбайтар. Цхьана кIиранчохь и белхаш дIабахьа декхарийла бина муфтиятан ишколашкара белхой- бераш ийманехь кхетош-кхиоран декъан хьаькамийн гIоьнчанаш. Цара дийцарехь билггал хууш дац ишколашкахь вирдаш мича бахьаненна къастош ду.

Ишта цара билгалдоккху дешархой хIара кху вирдехь ву бохуш,цIарца билгалбаха оьшуш цахилар, кху классехь хIоккхул бер оцу вирдехь ду бохуш терахь дIаяздар доцург. Цу хьокъехь ду сан къамел цхьана ишколехь директор гIоьнча волчу Iимранаца. Цо цкъадолчунна, кхин кIарг а ца луш ,политикца дузу вирдаш къастош, зераш дайтар.

Iимран: « Цу вирдех деш долчу зерех аьлчи суна иза политикца доьзна хета. Стенна? Керста нахана бусалбан нах тобанашка бекъабелла хилар санехь ду. Бекъамаш хилар.»

Маршо Радио: ХIинца муфтиятехь шуьга вирдаш толлуш зераш де аьлчи хьала а гIаьттина ахь я кхечо ала тарлуш дуй, хIун маьIна ду цуьнан и стенна деш ду? Жоп муха хир дара аьлла хетта хьуна?

Iимран: « Хатта а тарло ца хатта а тарло. Хьан хаьа.»

Маршо Радио: Цхьаммо а ала а олий аш хIара лартIа ма ца хета?

Iимран: «ХIокху, хIокху Iедалеххьий? ...И стенна дуьйцу? Сулейманов байташ тIехь лелийнарг ца гира хьуна. И вирдаш кIастор цхьана кIирнах дIадерза дезаш ду-кх. Долуш долу хьал ша ма-дарра дIагайта дезаш ду-кх тхо. ЦIерш оьшуш яц бах.

Суна кхин цхьа хIума а хаьа.Iедалан балхахь мел болу хьаькамаш Кунта-Хьаьжин вирдехь бу-кх. Иза-м хаьа суна. Кхин цхьа хIума а дуьйцуш. Iедалан балхахь мел берш Хьаьжин вирдехь хилахь Кунта-Хьаьжа гучувер ву аьлла хIума а ду дуьйцуш… Телевизор чохь а гойтуш ма дара иза Кадыровга доIа а дойтуш…»

Ишколашкахь дешархошка вирдаш билгалдохуьйтуш дIадехьначу зерех дийцинчу Iимрана тидам ма-барра хьаькамашлахь берриш бохург санна Кунта-Хьаьжин вирдехь бу аьлла дIаязбелла бу. Изза сурт ду гарехь ишколашкахь а. Дукхахболу дешархой цу вирдехь бу аьлла дIакхачийна муфтияте кехаташ. Бакъдерг аьлча, берашлахь дукха бац вирдийн бала кхочурш а, я и вирд хIун хуурш а. Масала 5-гIа класс тIера 7-8 классан дешархошлахь наггахь бер бен дац вирд хIун ю хууш ю.

ХIинцца дистхилла чу 6-7-чу классерчу кIентий, йоьIий санна гергарло ду дукхахболчеран вирдаца. Массара а бохург санна хьехархоша чIагIдараца, ишколашкахь мила мича вирдехь ву бохуш, дIаязбар ца оьшуш, юкъадаьккхина челакха хIума ду.

XS
SM
MD
LG