ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Столтенберга бехкбаьккхина Оьрсийчоьне


Атлантикан тIеман альянсан Инарла секретара Столтенберг Йенса шинарийдийнахь дIахьедина, Украинерчу малхбалехь а, цуьнца лаьттачу Оьрсийчоьнан дозанехь а эскарийн барамаш а, герзаш а дебна, Кремло юхабаха беза шен ницкъаш, аьлла. Иза цо элира журналисташка Брюсселехь, шен урхалло а, Европан Кхерамзаллехула а, Цхьаьнаболхбарехула а йолчу организацино а далийна тоьшаллаш довзуьйтуш.

«Оха дуьцурш ду эскарш, оха юьйцурш ю яккхий тоьпаш, оха дуьйцург ду кеманашна дуьхьало ен герз – ондда ницкъ бу вовшаштоьхна», - бохура Столтенберга ЕвроБертан тIеман министрийн гуламехь. «Оьрсийчоьнан таро ю Минскехь бийцина барт чIагI а бина, мехкашца гергарлонехь яха, я цаьрца гараболу некъ дIабахьа», - элира Атлантикан тIеман альянсан Инарла секретара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG