ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчоьнна шанс ю барт каро


Британино гIажарой кхойкху шайца зарратан программа йийцареечу цхьаьнакхетаршкахь кIеда-мерза хиларе. Зарратан герз кхолла гIерташ, ГIажарийчоьно гех дуьне къахкийна итт шо ду, хан цул тIех ца оьккхуйтуш, иза бертаян еза, аьлла ду Лондоно дина дIахьедар.

Венехь дуьйладелла, кху беттан 24-чохь ТехIеранца барт а хуьлуш, дерзон лерина зарратан герзийн дай болчу мехкийн дийцарш, хаам бира Британин арахьарчу гIуллакхийн министра ХIаммонд Филипа. Нагахь санна ГIажарийчоь бертаягIахь, Iамерка а, Европа а лерина ю шаьш цунна тоьхна йохк-эцаран эмбарго юхаяккха.

Амма дийцаршкахь дакъалоцучу Цхьанатоьхначу Штатийн цхьана куьйгалхочо хаам бина, «дуккха а ду барт каронза юьсу агIонаш», аьлла.

XS
SM
MD
LG