ТIекхочийла долу линкаш

Осмаев Адам дIахецна кхело


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вен кечлуш вара аьлла, лаьцна хиллачу нохчочунна Осмаев Адамна Украинан Одессерчу кхело 2 шо 9 бутт набахтехь яккха хан а кхайкхийна, дIахецна, цо иза ишта а чохь яьккхина хилар чоьте оьцуш.

Президент вен лерина хилла боху бехк цунна тIера баьккхира кхело бутт гергга хьалха. Бехкалахь дитина лелха коьчалш цо лелор а, ларамза нехан бахам талхор а, документашца лаьжгалла лелор а.

Осмаев бехках мукъваккхар тайначу наха, кхело сацам кхакхорцана, маьхьарий беттара «Сий хуьлда Украинан!», бохуш.

XS
SM
MD
LG