ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киево къобалбийр бац сепаратисташ


Украинан премьер-министр Яценюк Арсений реза ца хилла Оьрсийчоьно шега Донбассерчу сепаратисташца бертан къамелаш долор дехча. Iедало Москохан герзахошца къамел дийр дац, ду цо делла жоп. Кремлан дипломатин хьукматан куьйгалхочо Лавров Сергейс бира и кхайкхам Киеве.

Украинан министрийн кабинетан кхеташонна хьалха Яценюка элира: «Тхо ховшур дац шун герзахошца бертан къамеле». Цо ша а кхайкхира Москох «бандиташ, террористаш бакъбен ловзар» ца лелоре. «Шайна машар безахь – кхочушде Минскехь дийцинарг» - элира Яценюк Арсенийс Кремлана дечу шен къамелехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG