ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сий лардеш" зуда йийна пакистанхой байа кхачийна


Пакистанехь берах йолу зуда, доьзалан сийн Iалашдо аьлла, йиттина йийна виъ стаг вен кхачийна кхело. Лахорехь, йоIа дина маре къобалдар шайга доьхуш йоьдучу кхелан цIийнан маьIIехь йийра иза цуьнан дас Икбала Фарзана а, кхаа вашас а.

Хиламо ир-кара хIиттийнера мехкан бахархой. Пакистанерчу адамийн бакъонийн комиссино хаамбарехь, стохка «сий лардо» бохучу бахьанца йийна махкахь 870 гергга зуда. Оцу бахьанийца зударий байарх лаьцна Нохчийчуьра материал а хезар ю шуна тIаьхьо кху программехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG