ТIекхочийла долу линкаш

Кхушара масситтаза нисделла Нохчийчохь вежарша я дайша йижарий, шайн йоIарий, доьзалан сий лардеш, байар. Ишттаниг нисделла кху деношкахь Соьлж-ГIалахь а.

Шайна тIе пIелгаш ца хьежадайта, нахе шаьш ца дийцийта, шайн лаамехь лела зударий, гергарчара шайггара кхел а еш, дIабахар Нохчийчохь керла дац.

Юкъараллехь гIара а долуш, ишта меттигаш вуно дукха нисьелла кху тIаьхьарчу 5-6 шарахь къаьсттина. ПIелгара, лергара я кочара хьайина, механа еза цхьа-а дашо хIума а йоцуш, хийла байина зударий карийна гIалахь а ,тайп-тайпанчу кIошташкахь а.

Цу могIарера зулам дарна бехк токхаман гIуллакх долийна Соьлжа гIалин Заводан кIоштехь. Прокуратуро хааме даккхарца йиша ерна бехке веш лаьцнарг ву 30 шо долу вахархо. «Цхьа еза хIума коьртах а тоьхна шен йиша йийна кIанта. Цул тIаьхьа цо цуьнан дакъа нацкъаро лаьттах доьллина.

Масех де даьлча, тIаьхьа а кхиъна, зуламхо схьалаьцна. Юьхьанца бехк тIе ца лоцуш дуьхьало йина цо, амма шеко йоцу тоьшаллаш далор бахьнехь цуьнан даре дан дезна»,- ишта дIахьедар дина кху беттан 18-чу дийнахь низаман урхаллин хьостано.

Цу кеппара вашас I9 шо долу йиша йийнера стохка гурахь Хьалха Мартанан кIоштан таьнги чуьра а. Цуьнан дакъа схьакарийнера вешин цIийнан ларми чохь. I5-тий,I9 -ний бен шераш доцу ши йиша йинера Шелковск кIоштехь а. Ишта гергарчара шайггара кхелаш йина масалш дукха ду. Бахархоша ечу къароца тахана Нохчийчохь хала ду шайна ма тов лелла зудабераш дайанза юрт каро. Цу хьокъехь, билггал шена хIуъчух дуьйцуш ву 64 шо долу цхьана юьртара вахархо.

Вахархо: «Тхан юьртахь суна хууш ши масал ду-кх ши зуда йийна. Цхьаъ урс диттина йийна, важа топ тоьхна. Буьйсанна лаьттах йоьллинера шен тIелхигашца. Барз бинера,каш ца хIоттийнера. Юьртахь цIерш цаяхарх хаа ма хаьий хилларг. Ишта меттигаш шорта нисьелла»

Эвхьаза лелачу зударшна гергарчара кхел ярах дуьйцуш волчу вахархочо билгалдаккхарца луьра Севетан Iедал долуш а кхачош хилла вайнаха галбевлла мехкарий Iожалле. И ву дуьйцуш кхин дIа а.

Вахархо: "Со курсашкахь вара гIалахь. 46 шо хьалха ду иза. Шелара вара бохуш Iа со иза, цхьа кIант вара тхойца. Паркехь хилла иза а, сан доттагI а. шен йиша нина цунна цхьанца йогIуш. Бутт хан хилла иза цIера едда лелаш йолу ,гергарчара лохуш… Собарделахь, кхуьнга а аьлла, дIа тIеведдачу цо дагтIе урс а тоьхна охьайиллина шен йиша. ТIаккха «хIара урс хьоштана чу кхоссалахь» аьлла и схьа а делла,кIайлаваьлла. ТIехь гуттаренна томмагIа ца дита а юьйш хилла-кх лартIа ца леларг".

Муха кхетадо нохчаша , тIе эхь ца даийта олий, юьхьIаьржонах ларлуш, шайн зударшна кхел яр? Цу хаттарна жоп далар цхьабосса ца нисло. Дино а. низамо а магош цахиларна а, и къобал ца дийраш а бу. Адам дийна дIа а ца доккхуш, кхето хьовса дезар-кх аьлла, ойла кхобурш а бу.

Макка: «Шена тIе ца хIоьттича хуур дац. Адам дер онда хIума ду. Дуьненчу Дала кхоьллина адам дер атта хIума дац. Цунна цхьа таIзар дийр дар-кх е а ца юьйш. Шайна атта ен а йийна дIайоккхучул а дола дан дезар-кх. Кхето хьаьжна а, чуйоьллина а, я кхечу пачхьалкхе дIаяхийтина а. Саццане а соцуш ца хилча тIаккха кхин некъ бац тIаккха йийна дIа ца яьккхича…»

Бакъдерг аьлчи нохчашлахь алсам бу оьздангаллех боьхна,аттачу амале бирзийнарш байина дIабаха беза аьлла хьажам берш. Царалахь кIезиг бац зударий а. Царех ю пхеа беран нана СоьлжагIалин кIоштера Малика а, цхьа могIа божарий а.

Малика: «Ва везан Дела, и ерал хьалха кхин хIума ца догIу соьга хаьттича. Ас легаш Iаьвдина юьйр яра иза кхин дан хIума ца хилча.. Цунна кхин дан догIуш хIума ма дац. Соьга кхочуш и хилча тайпа-тукхам а, нохчийн къам а юьхьаьржа ца хIоттийта ас юьйр яр-кх. И саннарг дIаваккхар гIоле ю-кх».

Вахархо: "Тоьхна юьйра ю-кх. Наха деш дерг а и ду-кх. гучура дIайоккхур ю-кх".

Цхьаболчара чIагIдарца, хьалха мухха хиллехь а Нохчийчохь тIаьхьий хьалхий тIемаш лелхар бахьнехь хаъал дукъделла махкахь шайна ма тов лелачу мехкарий могIарш. КIезиг масалш дац боху цара нохчийн зудабераш, шайна ма тов леларал сов, ур-аттал керста динехь болчаьрга биста кхаччалц маре ихна а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG