ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан шпионаш лоьцуш, уьш шайн мехкашкара арабохуш масситтаза нисделла кху деношкахь Европехь. Цунна жоп дала ларайо Оьрсийчоь а.

Оршот дийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло хаам баржира, масех полшхойн дипломат махкара араваьккхина аьлла. И гIулч кху деношкахь айкханчаллин бехке а бина, шайн махкарчу оьрсийн векалтин белхахой Полшано арабахарна дуьхьал йина яра.

„Полшин куьйгалло цхьа а бахьана доцу гамонан акци йинера оьрсийн дипломаташна дуьхьал, уьш айкханчаллин бехке а бина. Полшано а, Балтикерчу пачхьалкхаша дипломатийн тIом болийна. Цундела оьрсийн агIоно цунна дуьхьал симметрикан жоп делла, цхьа могIа полшхойн дипломаташ махкара ара а баьхна“, - аьлла яздинера Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло шен сайта тIехь.

Цу хьукмато хьахийна йолу „гамонан акци“ - иза масех де хьалха Полшехь Оьрсийчоьнна болх беш хилла волу полшхойне эскаран эпсар гучуваларна гуонахь яьлла IалагIож ю. Варшаверчу кхело даханчу пIераскан дийнахь цкъачунна кхаа баттана дIалаьцнера шех Збигнев аьлла цIе йоккхуш волу и эпсар, кхечу пачхьалкханна болх барна бехке а вина.

Полшерчу хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, цу пачхьалкхан тIеман министраллин белхахо волу и стаг масех шарахь Варшавехь оьрсийн векалтехь дипломат санна ларалуш волчу Талламийн Коьрта Урхалла цIе йолчу оьрсийн къайлахчу сервисан цхьана белхахочуьнах ветталуш а, цуьнгара ахчанаш ийдеш а хилла. Цу ямартлонна цунна, меттигерчу низамашца, итт шо хан тоха йиш ю.

Амма Збигнев цхьаъ хилла ца Iа кху муьрехь Оьрсийчоьнна шпионалла лелош гучуваьлларг. Станислав цIе йолу вевзаш волу юрист а, политик а хилла иштта шен Даймахкана ямарт.

Полшин а, Оьрсийчоьнан а паспорташ долу и Станислав тIебогIучу харжамашкахь Сейман, я вуьшта аьлча, меттигерчу парламентан депутат хила кечлуш хилла, ткъа цкъачунна иза цхьана газ йохка-эцарца йоьзначу фирмехь болх беш хилла. Иза а даханчу пIераскан дийнахь, Збигневца цхьаьна, цкъа хьалха кхаа баттана лаьцна.

И ши айкханча гучуваьлачул тIаьхьа Полшин куьйгалло, дуьненаюкъарчу низамашца догIуш ма-хиллара, цаьрца болх беш гучубевлла болу Варшаверчу Оьрсийчоьнан векалтин белхахой махкал арабаха сацам бира, хенаца Полшехь бехаш а, болх беш а болу кхинболу Оьрсийчоьнан бахархой а, журналисташ а царна тIаьхьа хьовсон бакъо шайгахь а юьтуш.

Кхузахь ала догIу, ши кIира хьалха иштта оьрсийн айкханчаш гучу а бевлла, йоккха IалагIож Германехь а яьлла хилар. Боннерчу Оьрсийчоьнан векалтехь болх беш хилла волу цхьа дипломат араваьккхинера немцоша, шпионалла лелош гучу а ваьлла. Цунна дуьхьал Москохано Германин векалтехь болх беш йолу зуда араяьккхира.

Бакъду, немцойн агIоно чIагIдарехь, иза цхьа а бехк-гуьнахь йоцуш хилла, цундела цуо цу хIуманна протест а кхайкхинера. „И санна йолу хIуьттаренаш лелош – иза мехий Iиттаран политика ю. Тхуна-м ца хаа, цуо мича кхачор ву“, - аьллера немцойн Шпигел журнале Германин урхаллин белхахочуо цу хьокъехь.

Оьрсийчоьнна болх беш болчу айкханчашна гуонахьа кест-кеста йовлу Европехь сканадалаш. Евробертан тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь вуно йоккха жигаралла гойтуш болу уьш, тамаша а бац, кест-кеста гучубовлуш хилар. Пачхьалкъашна юккъехь шпионалла лелор дукха хена дуьйна схьадогIуш хIума делахь а, къаьстина Путин Владимир Iедале веъчахьана оьрсийн айкханчийн терахь алсам даьлла Малхбузехь бохуш дийцира Маршо радионе Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахочуо Асхабов Хьамзата.

Цунна хетарехь, и хIума Кремлан дайшна шайна долу дуьне а дуьхьал даьлла аьлла хетарца доьзна ду.

Асхабов: „ДуьнентIера хьалха карарчу хенахь вуно хийцаделла, геополитика а, идеологи а, пачхьалкхашна юккъера Iадаташ а. И хийцамаш тIеэца ца лаьа Москохана. Доллу дуьне а шайна дуьхьал ду боху ойла ю Кремлан дайша яржош ерг, цуьнца доьзна ду цара и шпионийн болх жигара баккхар а. Доллучу дуьненна а ша дуьхьал хIоттайо Оьрсийчоьно. Цундела нахана а, кхечу пачхьалкхашна а тIеIаткъам бархьама дебош бу цара шайн айкханчаш“.

Ала догIу, 1961-чу шарахь тIеэцначу Венерчу конвенцица, муьлха а пачхьалкхан бакъо ю шена бакъахь хетачу хенахь, бахьанаш а ца дуьйцуш, кхечу пачхьалкхан векал я дипломатийн корпусан белхахо персона нон грата а кхайкхина, махкал араваккха. Официала и араваккхар кхин даима а шпионалла бахьана долуш хила дезаш дацахь а, амма бакъдолчехь и санна хIума айкханчийн бен гучубаларца доьзна хуьлу дукхахьолехь.

Кхин а ала догIу, айкханчаллина бехке а бина, кхечу пачхьалкхан дипломаташ махкал арабахар Малхбузенерчу оьрсийн шпионашца хилла ца Iа. Кест-кеста Москохано а йоккху и гIулч. Иштта баханчу стигалкъекъа баттахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Москохарчу векалтин ши белхахо араваьккхира оьрсийн Iедалша, и шиъ Iамеркан къайлахчу сервисийн эпсарш хиларна бехке а вина. Иштта 2008-чу шарахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн ши тIеман атташе а араваьккхира. Бакъду, и шиъ Вашингтоно ши оьрсийн айкханча гучуваккхарна бекхам беш закъалт вина вара.

XS
SM
MD
LG