ТIекхочийла долу линкаш

ТехIеранца зарратах лаьцна ден дийцарш кхиамца дерзо гIерта политикаш


Венехь ГIажарийчоьнан зарратан программа юьйцучу мехкийн векалийн дийцаршка Керри Джон еарийдийнал тIаьхьа кхочур ву, хаамбина цо куьйгалла дечу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто.

Иза дозу пачхьалкхан секретаран Парижехь СаIуда Iаьрбийн мехкан а, Францин а арахьарчу гIуллакхийн министршца цхьаьнакхетарш хила дезарца.

Венехь гулбелла куьйгалхой дагахь бу кху тIедогIучу кIиранан юьххьехь ТехIеранца зарратах долу дийцарш бертан кехаташ хIитторца дерзо. Амма дийцарш аьттонца чекхдевриг хилар шеконе дуьллу форуман цхьаболчу декъашхоша.

XS
SM
MD
LG