ТIекхочийла долу линкаш

Украинера тIом кехаташа сецна бахахь а...


Украинерчу малхбалехь тIом сацо ши бутт хьалха Минскехь барт биначул тIаьхьа цигахь, юккъерчу барамехь схьаэцча, хIора дийнахь вийна 13 стаг, хаам бина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин адамийн бакъонийн Лакхарчу комиссара ал-Хьусайн Зейд Раада.

Довзийтина цо кхушеран бIаьста конфликт иккхичхьана схьа хиллачу дарийн терахьаш: 4317 стаг вийна, 9921-нна чов хилла. Барт бинчул тIаьхьа вийнарг ву эзар ца кхоччуш стаг. ТIемаш лаьттачуьра бевддачу бахархойн чот 300 эзаре кхоччуш ю, хаамбо Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацерчу бакъоларъярхоша.

XS
SM
MD
LG