ТIекхочийла долу линкаш

Атлантикан альянсехьа ю Украинера партеш


Атлантикан тIеман альянсах (НАТО-х) шайн пачхьалкх дIатохар коьрта Iалашо а лоруш, керла партийн коалаци кхоллаелла Украинехь. И некъ юхьаръэцна пIераскандийнахь парламентехь Порошенко Петрон блоко а, «Батьковщина», Халкъан а, Радикалийн а, «Шаьш шайна гIодар» партеша а. Барт чIагIбийр бу кху беттан 27-чу дийнахь.

Коалицин Iалашо ю Украина Европан Бертана гергаюьгуш болх бан а. Партийн лидерийн гуламехь премьер-министра Яценюк Арсенийс хаамбира, иттех де даьлча боьрзур бу керла министрийн кабинет кхуллуш бен болх, аьлла.

XS
SM
MD
LG