ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оршотдийнахь дерза деза зарратах долу дийцарш


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон а, ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Мохьаммад Джавад Зариф а Венехь ТехIеранан зарратан программа йийцаре еш доьлхучу пачхьалкхийн дийцаршкара юкъах валла лерина ву.

ГIажарийчоьнан куьйгалхошца дага а ваьлла, оршотдийнахь юхавогIур ву Зариф. Ткъа Керри хир ву оцу юкъанна Европерчу шен коллегашца Парижехь дагаволуш.

Венехь къамелдеш Британин дипломатийн куьйгалхочо ХIаммонд Филиппа бохура, ГIажарийчоьнна дуккха а тоьлу, зарратан герз кхоллар а дитина, шена пайда бар. Францин арахьарчу гIуллакхийн министра Фабиус Лорана а кхайкхира ТехIеран шена кхийдочу некъах пайда эцаре.

Йиллинчу хенаца а догIуш, ГIажарийчоьнан зарратан программех долу дийцарш берта кехат а хIттош дерза деза оршотдийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG