ТIекхочийла долу линкаш

Венехь доьрзуш ду ГIажарийчоьнца лаьттина дийцарш


Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон а, ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Зариф Джавад Мохьаммад а гIажаройн зарратан программах долчу дийцаршкахь вовшашца дагавала сецна Венехь, хьалхо иза шиъ шайн-шайн цIа куьйгалхошца дагавала воьду бохуш зорбанехь дийцинехь а.

Шоьтан дийнахь оцу шина дипоматин лидерех кхетта Германера церан коллега Штайнмайер Франк-Вальтер а. Къамелашкахь цхьаболу цакхетамаш бисахь а, цкъа а ца хиллачу кепара шаьш герга ду берте дахка, элира Штайнмайера журналисташка. Зарратан герз долахь йолу 6 пачхьалкх гIерта ГIажарийчоь зарратан герз кхолла гIртарх юха а ялийтина, цунна шаьш тоьхна латтае экономикан санкцеш юхаяха. Оршотдийнахь, барт а язбеш, дерза деза и 12 шарахь деш схьадахьа дийцарш.

XS
SM
MD
LG