ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден Джо: Оьрсийчоьно геополитика йина шен газах


Оьрсийчоьнан энергетикан сурсатех язар лахдеш, Европано алсамдаккха деза газ яккхар, и лушдолу маьIданаш карор а, аьлла Iаьмеркан Штатийн вице-президента Байден Джос Истамулехь йоьдучу Атлантикан альянсан кхерамзалла йийцареъечу саммитехь.

Оьрсийчоь геополитикан герз а дина лоьлийтийла дац шен газах а, мехкдаьттанах, элира цо цигахь. Хьалхо Европано а, Украино а контракт хIоттийра 4,5 миллардал совъоьккхуш Оьрсийчоьнера газ эца. Амма цара диц ца до 2009-чу шарахь, масала, Iаьн юккъехь Оьрсийчоьно, политика хьалха а яьккхина, газ йохкар ханна сацор а, и бахьанехь шайга хIетахь хало йоссар а.

Байден Джо цкъачунна Туркойчохь вуьсуш ву цигарчу президентца Эрдоган Тайипца Шемара а, Иракъера а конфликташ йийцареян.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG